Региональни этнографически диктант
28.02.2019Нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккхан,ненан маттах долу хаарш алсамдахан йолчу 1алашонца Рог1ун-К1ажара юккъера юкъарадешаран школехь 2019 шеран чиллан беттан 28 дийнахь Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант язйира. Диктантан декъашхой бара хьехархой,8-11-чу классашкара дешархой, дай-наной.